1ИЛМАНАН-ПРАКТИКИН КОНФЕРЕНЦИ «ВАЙН МОТТ – ВАЙН ИСТОРИ»

18.02.2023

1ИЛМАНАН-ПРАКТИКИН КОНФЕРЕНЦИ «ВАЙН МОТТ – ВАЙН ИСТОРИ»18.02.2023г. Хьалха-Марта г1алин №5 йолу гимназехь д1айаьхьира 1илманан-практикин конференци «Вайн мотт – вайн истори». Мероприяти лерина йара 2023 шо - Нохчийн меттан шо а, иштта чиллин беттан ткъе хьалхара де - Дуьненайукъара ненан меттан де а хиларна.Цхьаьнакхетаре баьхкина бара беза хьеший: Нохчийн меттан институтан директор, профессор Овхадов Муса, Нохчийн Республикин йаздархойн Сойузан председатель Ельсаев Аламад, Нохчийн Республикин нохчийн меттан хьехархойн ассоциацин куьйгалхо Бергоева Аза, Хьалха-Мартан к1оштан дешаран отделан куьйгалхочун меттаверг Едаев 1ийса, иштта кхиберш а.Конференцин программехь дийцаре диллинарг:доклад «Вайн мотт – вайн истори»;доклад «Йуьхьанцарчу классашкахь ненан матте безам кхиор»;доклад «Нохчийн меттан а, литературин а урокашкахь дешархойн меттан хазна шорйар»;доклад «Нохчийн меттан йоза кхиоран истори».Овхадов Мусас а, Ельсаев Аламада а билгалдаьккхира, иштта конференциш ч1ог1а мехала хилар мотт бовзарехь а, и 1аморехь а.