Хьалха-Мартан 5 йолчу гимназехь д1айаьхьира «Нохчийн мотт а, литература а хьехарехь керла таронаш» ц1е йолу методически семинар

01.12.2022

30.11.2022 ш. Хьалха-Мартан 5 йолчу гимназехь д1айаьхьира «Нохчийн мотт а, литература а хьехарехь керла таронаш» ц1е йолу методически семинар.Семинарехь дакъа лецира Хьалха-Мартан к1оштарчу ишколийн 38 нохчийн меттан хьехархочо.Семинаран гурашкахь д1айаьхьира мастер-класс, шиъ йиллина урок, нохчийн г1иллакхех лаьцна мероприяти.Шайн балха т1ехь зеделларг довзийтира гимназин хьехархоша Гучигова Марет Магомедовнас, Эльбиева Луиза Сайд-Алиевнас, Хатаева Тамара Сайдахмедовнас, Ибрагимова Луиза Салаудиновнас, Исрапилова Пет1мат Увайсовнас.Цара бинчу белхан лаккхара мах хадийра семинарехь дакъалаьцначара.